Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар хила йиш йолу дестар я хьаьтт, я томмагІа хилахь, иза динан дена АхІаронна я динан да волчу цуьнан кІентех цхьанна тІе вало веза. Динан да дегІа тІехь долчу доІе хьожур ву. ДоІа тІехь долу чоьш кІай а делла, даІ чкъурал кІоргга чудаханехь, иза кхераме чкъуран цамгар ю. Цу стаге хьаьжначул тІаьхьа динан дас иза Далла хьалха боьха хилар дІахоуьйтур ду. Нагахь дегІа тІера томмагІа кІайн делахь, амма чкъурал чудахана а дацахь, ткъа цунна тІера чоьш кІайделла а дацахь, иштта стаг динан дас ворхІ денна нахах дІакъасто веза. ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга хьожур ву. ДаІ, дегІа тІехула дІаса а ца даьржаш, ша ма-дарра лаьтташ делахь, динан дас кхин а ворхІ денна нахах дІакъастор ву даІ долу стаг. ВорхІалгІачу дийнахь динан да цуьнга юха а хьожур ву. Нагахь даІ, жимма бен хаалуш а доцуш, дегІа тІехула дІаса ца даьржинехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІахоуьйтур ду. ДегІа тІехь ерг хьаьтт ю, цу стага шен бедарш йитта еза, тІаккха иза цІена хир ву. Нагахь стаг динан дена тІе ша Далла хьалха цІена хилар дІахаийта веанчул тІаьхьа, хьаьтт дегІа тІехула дІасаяьржинехь, цомгушниг юха а динан дена тІеван веза. Хьаьтт дегІа тІехула дІасаяьржаш юйла а гина, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІахоуьйтур ду. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь цхьаннан дегІа тІехь кхераме чкъуран цамгар елахь, иза динан дена тІевало веза. Динан дас иза толлур ву. Нагахь дегІа тІера йистина меттиг кІайн елахь, ткъа дестаро чоьш кІайдинехь, ткъа дестар долчохь гуш жижиг а делахь, иза дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар ю. Динан дас, и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІа а кхайкхийна, цомгушниг нахах дІакъасто ца веза, хІунда аьлча иза, массарна а гуш, цІена вац. Нагахь чкъуран цамгар коьрта тІера когашка кхаччалц цомгушчун дегІа тІехула дІасаяржахь, динан ден бІаьргаша схьалоццучул, динан дас иза леррина толлур ву. Стеган дегІ дерриг а цамгаро дІалаьцна хилар динан дена хиъча, цо цомгушниг Далла хьалха цІена ву эр ду. ХІунда аьлча цомгушчун дегІ кІайн ду – иза цІена ву. Ткъа цуьнан дегІа тІехь жижиг гучудалахь, иза цІена хир вац. Талла а теллина, жижиг гича, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Гуш долу жижиг цІена дац. Иза кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь гуш долу жижиг, хийца а делла, кІайлахь, цомгушниг динан да волчу ван веза. Динан дас, дегІе а хьаьжна, даІ кІайделла хилахь, и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь цхьаннан дегІа тІехь сурх а яьлла, иза дІайирзинехь, ткъа иза хиллачохь кІайчу басахь дестар я цІегІо-кІайн томмагІа делахь, иза динан дена тІеван веза. ДаІ долчу метте а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а делахь, цунна тІера чоьш кІай а деллехь, динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза кхераме чкъуран цамгаран даІ ду, сурх яьллачу меттехь даьлла долу. Нагахь доІа тІера чоьш кІайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш дацахь, динан дас цомгушниг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. Нагахь даьІнаш дегІа тІехула чІогІа дІасадаржахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза кхераме цамгар ю. Нагахь томмагІа, дІаса а ца даьржаш, цхьана меттехь дисахь, иза дегІа тІе яьлла хІума юзуш хилар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь цхьаннан чкъура тІехь вагийна меттиг хилахь, юха, иза дІайирзича, цигахь долчу жижиг тІехь цІегІо-кІайн томмагІа а хилахь, цу томмагІана тІера чоьш кІай а деллехь, ткъа иза ша чкъурана чудахна а делахь, иза кхераме чкъуран цамгар ю, ягийначу меттигна тІехь хилла. Динан дас Далла хьалха и стаг цІена цахилар дІакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь томмагІана тІера чоьш кІайделла а дацахь, иза, чкъурана чудахна а доцуш, жимма бен гуш а дацахь, динан дас цомгушниг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. ВорхІалгІачу дийнахь динан да хьожур ву цу стаге. Нагахь даьІнаш дегІа тІехула дІасадаьржаш делахь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Цунна ерг кхераме чкъуран цамгар ю. Нагахь томмагІа, дегІа тІехула дІаса а ца даьржаш, цхьана меттехь делахь, жимма бен гуш а доцуш, иза ягийначу меттехь долу дестар ду. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду, хІунда аьлча цунна дерг вагийча дисина дестар ду. Нагахь стеган я зудчун коьрта тІехь я чІенгана тІехь даІ хилахь, динан да цамгаре хьожур ву. ДаІ чкъурана чудахна а долуш, цу тІера чоьш мажделла а, дуткъий а делахь, динан дас и адамаш Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхор ду. Иза чераш долу кхераме чкъуран цамгар ю, коьрта тІехь я чІенгана тІехь йолу. Цу цамгаран доІе а хьаьжна, иза чкъурана чудахна а дацахь, цунна тІера чоьш Іаьржа а дацахь, динан дас чераш долу цамгар ерг ворхІ денна нахах дІакъастор ву. ВорхІалгІачу дийнахь доІе а хьаьжна, нагахь чераш дІаса а ца даьржинехь, доІа тІехь мажделла чоьш а дацахь, ткъа даІ чкъурана чудахна а дацахь, цомгушчун месаш дІаларга еза. Амма даІ долу меттиг Іадйита еза. Динан дас шолгІа а дІакъасто веза цомгушниг ворхІ денна. ВорхІалгІачу дийнахь динан да стаге хьожур ву. Нагахь даІ дегІа тІехула дІаса а ца даьржинехь, чкъурана чу а ца даханехь, динан дас цомгушниг Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Шен бедарш йиттича, и стаг цІена хир ву. Нагахь стагана, ша Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхийначул тІаьхьа, чераш дегІа тІехула дІасадаржахь, динан дас иза толлур ву. Нагахь санна даІ чкъурана чу даханехь, доІа тІехь мажделла чоьш леха ца оьшу. Цомгушниг цІена вац. Нагахь даІ ша ма-дарра а долуш, цу тІехь Іаьржа чоьш гучудевллехь, цамгар дІаяьлла, стаг цІена ву. Динан дас иза Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду. Нагахь стеган я зудчун дегІа тІехь кІайн томмагІаш хилахь, динан дена церан догІмаш тІехь кІайн-мокха томмагІаш гахь, иза дегІа тІе яьлла хьаьтт ю. Иштта долу адам Далла хьалха цІена ду. Нагахь цхьаннан коьрта тІера месаш дІаевллехь, иза чераш долуш ву. И стаг Далла хьалха цІена ву. Нагахь стеган коьрта тІера хьалхара агІор месаш дІаевллехь, и стаг кІунзал болуш ву. И стаг Далла хьалха цІена ву Нагахь чераш я кІунзал болчу коьрта тІехь цІегІо-кІайн томмагІа хилахь, коьрта тІехь ерг кхераме чкъуран цамгар ю Динан да цомгушчуьнга хьожур ву. Нагахь цунна чераш я кІунзал болчу коьрта тІера цІегІо-кІайчу даІан дестар дегІа тІехь хуьлучу чкъуран кхерамечу цамгаран доІах тера хилар гахь, цомгушниг чкъуран цамгар йолуш ву, иза цІена вац. Динан дас и стаг Далла хьалха цІена цахилар дІакхайкхо деза, стеган коьрта тІехь даІ ду аьлла. Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тІера бедарш этІийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тІе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦІена вац! ЦІена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо. Ерриг а хенахь, цунна тІехь цамгар мел ю, иза цІена вац. Иза дІакъаьстина Іан веза». «Нагахь бедарна тІехь доІан томмагІа хилахь, – тІергІан я ветанан бедарна, я кІадина тІехь, я тІаьрсигана тІехь, я тІаьрсигах йинчу хІуманна тІехь иза делахь, – ткъа цу тІехь долу и томмагІа баьццарчу я цІечу басахь хилахь, иза кхерамечу доІан томмагІа ду ала мегар ду. Иза динан дена гайта деза. Динан дас, даІан томмагІе а хьаьжна, бехйина хІума ворхІ денна дІакъастор ю ВорхІалгІачу дийнахь динан да юха а хьожур ву цу хІумане. Нагахь даІан томмагІа бедарна тІехь, я тІергІан я ветанан кІади тІехь, я тІаьрсига тІехь – цуьнан Іалашо мухха елахь а – дІасадаьржинехь, иза кхерамечу доІан томмагІа ду. И хІума цІена яц. Динан дас шена тІехь томмагІа йолу и бедар, я тІергІан я ветанан долу кІади, я тІаьрсигах йина хІума яго еза, хІунда аьлча цунна тІехь долу доІан томмагІа кхераме ду. И хІума цІера тІехь яго еза. Нагахь динан дена доІан томмагІа бедарна тІехула а, я кІадина тІехула а, я тІаьрсиган хІуманна тІехула а дІаса ца даьржинийла гахь, цо доІан томмагІа тІехь долу бедар юьттуьйтур ю, юха и хІума шолгІа а дІакъастор ю ворхІ денна. Бехйина бедар йиттинчул тІаьхьа, цо юха а толлур ю иза. Нагахь динан дена бедар тІехь долу доІан томмагІа я хийцаделла а, я дІасадаьржина а цахилар гахь, иза цІена яц. Иза яго еза – доІан томмагІа бедаран тІехуларчу я бухаларчу агІонна тІехь делахь а. Нагахь динан дас теллича, йиттинчу бедар тІера доІан томмагІа жимма а бен цунна къаьсташ ца хилахь, томмагІа долу дакъа цо бедарна, я тІаьрсигана, я кІадина тІера схьадаккха деза. Нагахь доІан томмагІа юха а бедарна я кІадина, я муьлххачу а тІаьрсиган хІуманна тІехь гучудалахь, иза дІасадаьржаш долу доІан томмагІа ду. Шена тІехь доІан томмагІа мел долу бедар яго еза. Нагахь бедар я кІади, я муьлхха а тІаьрсиган хІума йиттича, цунна тІера доІан томмагІа лаьттина меттиг цІанлахь, и хІума кхин цкъа а йитта еза, тІаккха иза цІена хир ю». Иштта ду, тІергІан я ветанан бедарна я кІадина тІе, я муьлххачу тІаьрсиган хІуманна тІе доІан томмагІа даьлча, иза цІена я боьха хиларх долу тІедиллинарг. «Чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товелча хиларх долу тІедиллинарг иштта ду. Стаг Далла хьалха цІанван везачу хенахь иза динан дена тІевалор ву, ткъа динан да меттаматтал арахьа вер ву. Нагахь, талла а теллина, чкъуран кхераме цамгар йолу стаг товалар цунна гахь, динан дас омра лур ду, цІанвеш волчу стагана лерина хьанал дийна ши олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьаэца аьлла. Кхийрачу пхьегІи тІе а лаьцна, шовданан хина тІехула цхьана олхазарна урс хьокхуьйтур ду динан дас. Дийна долу олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьа а эцна, уьш шовданан хина тІехула урс хьаькхначу олхазаран цІийна чу Іуттур ду динан дас. Юха цамгарх цІанвечу стагана тІе ворхІазза цІийн тІадамаш тухур ду цо. Цул тІаьхьа, стаг Далла хьалха цІена ву аьлла дІа а кхайкхийна, дийна долу олхазар эрна ара дІахоьцур ду динан дас. Шен бедарш а йиттина, месаш а лергина, хица цІанвеллачул тІаьхьа, и стаг Далла хьалха цІена хир ву. Меттамотт болчу схьа а веана, шен четарна арахьа ворхІ де доккхур ду цо. ВорхІалгІачу дийнахь ерриг а шен месаш дІайошур ю цо: корта а, маж а, цІоцкъамаш а, ерриг а кхийолу месаш а. Хица бедарш а йиттина, лийчинчул тІаьхьа Далла хьалха цІена хир ву иза. БорхІалгІачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Іахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Іахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кІен дама а кІен сагІина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. Стаг цІанвеш волчу динан дас цо деанчу совгІаташца гуламан четаран неІ йолчохь Везачу Элана хьалха хІоттор ву иза. Цхьа Іахар а, цуьнца ши кад даьтта а, гІуда такхаран сагІа санна доккхур ду динан дас. Шатайпа сагІа санна цо уьш Везачу Элана хьалха хьалаойур ду. Къинан сагІина а, дийнаташ дагочу сагІина а дийнат дуьйчу езачу меттехь Іахарна урс хьокхур ду, хІунда аьлча, къинан сагІа санна, къера хиларан долу хІара сагІа динан ден ду. Иза чІогІа деза сагІа ду. ГІуда такхаран сагІина бийначу Іахаран цІий, цхьажимма схьа а эцна, цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган нана-пІелга тІе а, аьтту коган нана-пІелга тІе а хьокхур ду динан дас. Кеда чуьра цхьажимма даьтта шен аьрру кераюкъа дуттур ду цо. Шен аьрру куьйгара даьттана чу а Іоьттина, аьтту куьйган пІелгаца ворхІазза Везачу Элана хьалха даьттанан цинцаш дІакхуьссур ду динан дас. Куьйга тІехь дисна даьтта цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелга тІе а хьокхур ду цо. И меттигаш хьалха динан дас гІуда такхаран сагІина бийначу Іахаран цІий хьаькхна ю. Кераюккъехь дисна даьтта цІанвечу стеган коьрта тІе хьокхур ду цо, тІаккха и стаг Везачу Элана хьалха цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. Къинан сагІа а даьккхина, цамгарх товина стаг цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. Цул тІаьхьа дийнаташ дагоран сагІина дийнат дуьйр ду цо. Дийнат а, кІен сагІа а кхерча тІе дуьллур ду цо. Иштта динан дас цІанваран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха и стаг Далла хьалха цІена хир ву. Нагахь и стаг къен а велахь, цуьнан таро а яцахь, ша цІанвархьама гІуда такхаран сагІина цхьа Іахар бало беза цо. Цу Іахаран жижиг Везачу Элана хьалха хьалаайа деза, шатайпа сагІа санна. Цул сов, цу стага, кІен сагІина лерина, бархІ кад зайтдаьттанца эдина кІен дама а, ши кад зайтдаьтта а, ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагІина, важа дийнаташ дагоран сагІина лерина хила беза. Ша цІанлучу борхІалгІачу дийнахь, Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неІарна улло а еана, динан дега дІаяла еза цо и хІуманаш. ГІуда такхаран сагІина беана Іахар а, даьтта чохь долу ши кад а, хьала а ойуш, Везачу Элана хьалха шатайпа сагІа санна боккхур бу динан дас. Іахар гІуда такхаран сагІина лерина бен а бийна, цуьнан цІий цІанвечу стеган аьтту лерган дуьме, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелгана тІе а хьокхур ду динан дас. Шен аьрру куьйган кераюккъе цхьажимма даьтта дуттур ду цо, юха, аьрру куьйга тІера цу даьттана чохь аьтту куьйган пІелг а башийна, даьттанан цинцаш ворхІазза Везачу Элана хьалха тосур ду. Хьалха ша цІий хьаькхначу меттигашка: аьтту лерган дуьме а, аьтту куьйган а, аьтту коган а нана-пІелгана тІе а шен карара цхьажимма даьтта хьокхур ду динан дас. Дисина даьтта цІанвечу стеган коьрта тІе хьокхур ду цо, Везачу Элана хьалха иза цІанваран Іадат кхочушдархьама. ЦІанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас. Царах цхьа олхазар къинан сагІина а, важа кІен сагІанца дийнаташ дагоран сагІина а лерина, бен беза цо. Иштта цамгарх товина стаг Везачу Элана хьалха цІанваран Іадат кхочушдийр ду динан дас. Иштта ду ша цІанваран Іадат кхочушдечу хенахь сагІина дан дезачунна таро йоцучу чкъуран цамгар кхеттачу стагах долу тІедиллинарг». Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Нагахь, Ас шуна луш долчу канаІанхойн лаьтта тІе шу девлча, шун долахь долчу лаьтта тІера цхьана цІенна доІан томмагІаш Аса кхетийтахь, и цІа долчо, динан дена тІе а вахана, ала деза: „Сан цІенна тІехь томмагІаш гучудевлла, ткъа уьш доІан томмагІех тера ду“. ЦІийне хьажа ша чувалале, иза дассаде эр ду динан дас, цу чохь дерг боьха ца хилийта. Цул тІаьхьа иза, талла а толлуш, цІийне хьожур ву. Нагахь цунна, томмагІашка хьаьжча, кІоргга чудахна а долуш, пена тІехула баьццарчу я цІечу басахь уьш хилар гахь, цІа чуьра ара а ваьлла, ворхІ денна иза дІакъовлур ду динан дас. ВорхІалгІачу дийнахь ша юхавеача, томмагІаш дерриг а пенашна тІехула дІасадаьржина хилар динан дена гахь, томмагІаш тІехь долу тІулгаш, схьа а дахийтина, гІалел арахьа, боьхачу метте дІакхуьссуьйтур ду цо. ЦІа чуьра пенаш тІера хьахарш, охьа а дахийтина, гІалел арахьа, боьхачу метте дІакхуьссуьйтур ду. ДІадаьхначеран метта кхин тІулгаш дІахІиттор ду, керла хьахар а дина, пенаш юхахьохур ду. Нагахь, тІулгаш а, хьахарш а хийцинчул тІаьхьа, томмагІаш, юха гучу а девлла, дІасадаьржаш хилахь, динан дас кхин цкъа а цІа толлур ду. Нагахь томмагІаш пенашна тІехула дІасадаьржинехь, уьш кхераме доІан томмагІаш ду, цІа цІена дац. И цІа доха а дина, цуьнан тІулгаш а, дечигаш а, хьахарш а гІалел арахьа, боьхачу метте дІакхисса еза. Нагахь цхьаъ и цІа къевлина долчу хенахь цу чу гІахь, иза сарралц Далла хьалха цІена хир вац. Цу цІа чохь дІавижначо я хІума йиинчо шен бедарш йитта еза, ткъа иза сарралц Далла хьалха цІена хир вац. Цу чохь хІума йиинчо а шен бедарш йитта еза, иза а сарралц цІена хир вац. Нагахь динан да веача, пенаш хьаьхначул тІаьхьа томмагІаш дІасадаьржина цахилар цунна, теллинчул тІаьхьа гахь, цо цІа Далла хьалха цІена хилар дІакхайкхор ду, хІунда аьлча томмагІаш дІадевлла. И цІа цІандархьама, ши олхазар а, баганан дечиг а, цІен тай а, ярийн курс а схьаоьцур ю динан дас. Кхийра пхьегІи тІе а лаьцна, шовданан хи тІехула цхьана олхазарна урс хьокхур ду цо. Баганан дечиг а, ярийн курс а, цІен тай а, дийна долу олхазар а схьа а эцна, уьш шовданан хи тІехула урс хьаькхначу олхазаран цІийна чу а Іоьттина, цІенна тІе ворхІазза цинцаш тухур ду динан дас. Олхазаран цІийца, дийначу хица а, дийначу олхазарца а, баганан дечигаца а, ярийн курсаца а, цІечу тайца а цІа цІандийр ду цо. Дийна долу олхазар гІалел арахь, эрна аренгахула, дІахоьцур ду. Иштта цІа цІандаран Іадат кхочушдийр ду цо, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ду. Иштта ду чкъуран муьлххачу цамгарх а, чераш долчу цамгарх а, бедарш тІехь а, цІийна тІехь а хуьлучу доІан томмагІех а, дегІа тІехь долчу дестарх а, хьаьттарех а, томмагІех а долу тІедиллинарг, кхеттарг боьха а, цІена а хуьлу хан къасторхьама. Иштта ду цу тайпана йолчу цамгарех я томмагІех долу тІедиллинарг». Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тІаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Іийса Галилай-махка вахара.
Выбор основного перевода