Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Мусан товрат-хьехамийн тептар тІехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхІус, хІунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таІзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таІзар такха ца деза. Амма хІораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таІзар ша такха деза». Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тІехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхІус, хІунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таІзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таІзар такха ца деза. Амма хІораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таІзар ша такха деза». Цу хенахь адамаша бохур дац: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“. Амма хІора стаг ша летийна долу къинош бахьана долуш лийр ву. Муьста кемсаш мел йиъначух лаьцна аьлча, ша-шен цергаш а лехар ю. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра.
Выбор основного перевода