Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дІабузале юхало иза цунна, хІунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегІ дохдеш долу. ДІа муха вуьжур ву иза, тІетесна хІума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хІунда аьлча Со къинхетаме ву. Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тІе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“». ТІехь хІума доцуш дІабуьйшу уьш, шийлачу заманахь тІеюха хІума а яц церан. ТІедуха хІума цахиларна стага бала хьегар а, къечу стагана тІетаса хІума цахилар а сайна гича, ас царна тІедуха хІума лора, сан уьстагІийн тІергІано уьш бох а бора, ткъа цара даггара баркаллаш а олура. qac Тqac*оам боллуш дІало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо. ХІуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица. Цо ша юхалург ахча лучу хенахь закъалтана эцнарг а дІалахь, ша хьалха лачкъийнарг а юхалахь, дахар луш долчу парзашца а лелахь, зулам а ца деш, и стаг вехар ву, лийр а вац.
Выбор основного перевода