Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Йисина Іачу зудчунна а, байшна а зе ма де. Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“. Хьан Веза Дела – деланийн Дела а, олахойн Олахо а ву. Иза сийлахь а, нуьцкъала а, ларамах вузуьйту Дела а ву. Цо озабезамаш ца бо, Цо кхаьънаш а ца ийдо. Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хІунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бІарзбо, нийса болчеран гІуллакхаш хийцадолуьйту. Байлахь бисинчеран варраш дІаюьгу, йисина Іачун сту закъалтана дІабуьгу. Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. церан догІмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гІуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо. «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода