Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна хьайн ваша, къийвелла, таро йоцуш велахь, гІо де цунна, тІевеанчу стагана я хьешана санна, иза шуна юкъахь кхидІа а Іайта. Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. Ял яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна. КанаІан-мохк шуна бала а, шун Дела хила а Мисарара шу арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. Хьо волчохь Іайта иза, цхьана ханна тІевеана стаг санна, меттахІотторан шо тІекхаччалц. ТІаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тІегІур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо. ХІунда аьлча уьш Сан леш бу, Ас Мисарара арабаьхна болу. Уьш леш санна, бохка мегар дац. Къизаллица олалла а ма де цу стагана тІехь, хьайн Делах кхоьруш а хила. Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тІерачу цхьана гІалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чІагІ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гІо дан. Амма шайн куьйгаш дІа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш. „Декхарш дуьтуш долу ворхІалгІа шо тІекхочуш ду“, – боху цІена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бІаьрмециг довла мега, цунна юхалург хІума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тІаккха иза шуна къилахь лорур ду. ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. Къен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тІехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна». «Нагахь санна шун Іебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхІалгІачу шарахь дІахеца иза. Шаьш иза дІахецча, даьссачу куьйгашца ма вахийталаш иза. Комаьршаллица яхьийта цуьнга шайн уьстагІех, шайн хьаьтта тІера долчух, шайн муттдоккхургех долу дакъа. ДІало цунна, шун Везачу Дала шаьш мел декъалдинчуьнга хьаьжжина. Дагахь латтаделаш Мисар-махкахь шаьш леш хилла лелар а, шайн Везачу Дала шу паргІатдахар а. Цундела тІедуьллу ас шуна тахана хІара. Нагахь санна, шу долчохь шена дика хилла дела, цо шуьга иштта алахь: „Со дІа ца воьду шу долчуьра, сайна шу а, шун доьзал а беза дела“, – аша, ю схьа а эций, цуьнан лергах иза чекх а яккхий, неІарх Іотта. ТІаккха иза гуттаренна а шун лай хилла вуьсур ву. Изза делахь гІарбашна а. Холчу ма даккха шайна иза дІахеца везаш хилар, хІунда аьлча ялх шарахь ша бина болу болх цо мехах аш лаьцна волчу белхалочо бинчул шозза йораха бина. Мелхо а, цу бахьаненна шун Везачу Дала аш мел деш долчунна тІехь шу декъалдийр ду». «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Выбор основного перевода