Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь санна цхьаммо, шена зуда а йигина, ткъа тІаьхьа и зуда чІогІа еза а ца елла, цунна дуьхьал телхина гІуллакхаш а долийна, цунах лаьцна цІе кхуллу хабар а даьккхина: „Аса хІара зуда ялийнера, амма иза йоІстаг ца хилла“, – алахь, оцу кхиъначу йоІан дас-нанас шайн йоІ йоІстаг хиларан билгало ара а яьккхина, гІалин къаношка дІагайта еза гІалин кевнехь. Оцу йоІан дас къаношка иштта дІаала: „Сайн йоІ аса хІокху стаге маре дІаелла, ткъа хІинца иза цунна ца еза. Цундела цо цунах лаьцна харцдерг дуьйцу. Цо боху: ‘Суна ца карийра хьан йоІ йоІстаг хилар’. ХІара ю сан йоІ йоІстаг хиларан билгало“. Цара и билгало йолу хІума гІалин къаношна хьалха охьаюьллур ю. Ткъа гІалин къаноша, и стаг схьа а лаьцна, цунна таІзар дийр ду. Оцу стагана бІе шекхал дети далар тІедуьллур ду. И ахча йоІан дена дІалур ду, исраилхойн йоІах лаьцна зуда ялийначо харцдерг дийцарна. Ткъа иза цуьнан зуда хилла юьсур ю. Ша мел веха оцу стагана дихкина ду шен зудчух дІакъастар. Нагахь санна дийцинарг бакъ а хилла, и йоІ йоІстаг ца хилахь, тІаккха иза цуьнан ден цІийнан неІаре схьаяло еза, гІалин бахархоша цунна тІулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гІуллакх лелийна дела: шен ден цІахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. «Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дІасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“. ТІаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тІе хІунда диллина, дІасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дІа а лой, цуьнца дІасакъаста аьлла?» Цара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дІасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита». ХІора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву». Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тІедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дІа ма къаста аьлла. Ша дІакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагІо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита. Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Іийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дІакъаста ца веза и стаг. Иштта, Іийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дІакъаста ца еза и зуда. ХІунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цІена хир дацара, ткъа хІинца уьш Дала даздина ду. Нагахь Іийсах тешар доцург шен зудчух дІакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дІакъаста лууш елахь, уьш дІакъастийта. ХІунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гІуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина.
Выбор основного перевода