Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хІума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТІелаьцна болх биначунна йогІу ял сахиллалц цунна ца луш ма Іе. „Декхарш дуьтуш долу ворхІалгІа шо тІекхочуш ду“, – боху цІена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бІаьрмециг довла мега, цунна юхалург хІума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тІаккха иза шуна къилахь лорур ду. Декъаза ву шен паччахьан цІенош хьарамлонца дийриг, цІенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг, шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург, цара бинчу балхана алапа ца лург. Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дІа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду.
Выбор основного перевода