Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Іуьйранна, хьалххе хьала а гІевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гІалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чІогІа дохко а девлла. ХІинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дІагІур ду тхо». Амма Мусас элира: «Везачу Эло тІедиллиначуьнга ла хІунда ца дугІу аша? ХІара аша деш дерг эрна ду. Ма гІо цига, шаьш мостагІашка хІаллак ма дайта, хІунда аьлча шуна юкъахь Веза Эла вац. Іамалекхахой а, канаІанхой а бу шуна дуьхьал лаьтташ, цара шу дойур ду, хІунда аьлча шу Везачу Элах дІадирзина, Иза шуьца хир вац». Амма, цуьнга ла а ца доьгІна, лам тІе хьалабевлира нах. Муса церан меттамотт болчохь висира, цигахь дитира Везачу Элаца барт баран тІорказ а. Цу лаьмнашкахь Іаш болчу Іамалекхахоша а, канаІанхоша а, цхьаьна а кхетта, исраилхой, эша а бина, Хьорма цІе йолчу метте кхаччалц лаьхкина бигира. Накхармозийн жІугано санна, суна го бинера цара, амма чах яьлла цІе санна, уьш сихха дІабайира. Везачу Элан цІарца ас уьш эшийра.
Второзаконие
Выбор основного перевода