Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Эмархойн паччахьна Сихьонна тІе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гІур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тІе а ца довлуш, гІунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гІур дацара тхо». Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. Цундела боху илланчаша: «Хьешбон-гІала гІо, то а йина, чІагІйойла Сихьонан гІала! Сихьонан гІалара Хьешбонера схьаяьлла цІе массанхьахула а чекхъелира. Цо ягийра Муабин Іар-гІала, Арнон-хина тІехулара гунаш а дагийра. Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цІун халкъ, хІаллакьхили хьо! Цо шен кІентех дІасабевддарш хилийти, йоІарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги. Амма оха хІаллакбина эмархой, Хьешбона тІера Дибонна тІекхаччалц церан гІаланаш йохийна, Мейдеба-гІали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тІекхаччалц бассийна церан мохк». Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой. Мусас масех стаг вахийтира ЯІзир-гІалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гІала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша. Цул тІаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреІи-гІалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тІамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ІовгІа. Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дІалур бу. Хьешбонехь Іийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна». Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ІовгІа а, цуьнан кІентий а, дерриг цуьнан халкъ а хІаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.
Второзаконие
Выбор основного перевода