Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Массара а гІовгІанаш ехира, буьйса дІаяллалц доьлхуш Іийра халкъ. Мусана а, АхІаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара! Везачу Эло тІамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагІашна кхочур ду. Мисара юхадахча гІолехь дацара вайна?» Уьш шайна юкъахь барт бан хІиттира: «Ваьшна тІехь хьаькам а хІоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», – бохуш. Дехьа иштта, Ахь тхо арадаьхначу лаьтта тІехь бехачаьрга ца алийтархьама: ‘Везачу Эло дуьгийла а дацара и халкъ Ша лур ду аьллачу лаьтта тІе. Цо и халкъ Шена ца деза дела арадаьккхина, яьссачу аренгахь иза хІаллакдархьама’. Шайн четарш чохь хамталлаш дан буьйлабелира уьш, Везачу Эло бохучуьнга ла а ца дугІуш.
Второзаконие
Выбор основного перевода