Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чІагІо йо ас, Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгІначу нахана, Ас церан дайшна чІагІо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дІа мел тесначарна а гур дац иза. Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тІе, цу нехан йоцу, цІена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тІаьхьенан долахь хир ду Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш болу латта. Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦІечу хІорда тІе, дІагІо». Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Деха Іийр дуй хІара оьгІазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна. ДІаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чІагІо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду. ХІокху яьссачу арахь оьгур ду шун догІмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тІехдевлларш, Суна луьйш хилларш, Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тІе шу кхочур дац, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург. Цу дийнахь Мусас чІагІо йира суна: „Хьан ког тІебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хІунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тІера ца вели хьо“, – аьлла. Ла ца доьгІначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»?
Второзаконие
Выбор основного перевода