Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Меттамотт болчуьра дІа а бахана, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гІала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Іаьнакхан тІаьхьенах йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гІала яра Мисар-махкарчу ЦоІан-гІаланал ворхІ шо хьалха дІахІоттийна. Уьш Ашкул цІе йолчу тогІи чу баьхкира. Цигахь, дІаса а хьаьжна, кемсийн таьллангана тІера кемсийн хорха тІехь йолу га хадийра цара. И га гІуркхана тІе дихкира, ткъа гІуркх шина стага хьалаайина дІабаьхьира. Иштта наран а, инжиран а диттийн стоьмаш а схьаийцира цара. Оцу меттигна Ашкул цІе тиллира, исраилхоша схьаяьккхина кемсийн хорха бахьана долуш. Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дІадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира. Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхІаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тІебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамІ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира. Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дІахьажийначу лаьтта тІе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хІорш бу цу махкара беана стоьмаш.
Второзаконие
Выбор основного перевода