Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Ас хьох схьадаьлла доккха халкъ кхуллур ду, хьо декъал а вийр ву, хьан цІе а ойур ю, наха а хьан цІарца вовшийн декъалбийр бу. цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Цу буссехь дуьхьал хІоьттинчу Везачу Эло цуьнга элира: «Со хьан ден ИбрахІиман Дела ву. Цхьана а хІуманах ма кхера, хІунда аьлча Со хьоьца ву. Ас хьо декъалвийр ву, хьо дебош, хьан тІаьхье дукха хуьлуьйтур ю. Сайн ялхочун ИбрахІиман дуьхьа дийр ду Ас иза». Дагабахкийтахьа ИбрахІим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чІагІо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чІагІо йина хІара латта шун тІаьхьенашна дІа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».
Второзаконие
Выбор основного перевода