Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гІаланаш чІагІйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Іаьнакхахой а гира цигахь. НегІаб цІе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Іамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хІордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаІанхой». Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хІунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду». Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хІунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!» Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тІехь дехаш долу халкъ дІакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догІмаш долуш. Цигахь тхуна гира Іаьнакхан тІаьхьенах схьабевлла болу даккхий догІмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цІоз долуш санна хетара тхуна, церан бІаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна». «ЛадогІа, исраилхой: шу хІинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чІагІонаш чохь йолу яккхий гІаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама. Оцу лаьттан халкъашна юкъахь ницкъ болу а, доккха дегІ долу а Іаьнакхахой бу. Царах лаьцна шуна хууш а ду, хезна а ду иштта олуш: „Мила ву Іаьнакхахошна дуьхьал латталур волуш?“
Второзаконие
Выбор основного перевода