Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Суьйре тІееача, цо шен дегІ хица дила деза. Цул тІаьхьа, малх дІабуьзча, иза меттаматтана чу схьаван мегар ду. Нишке даха меттиг меттаматтана чохь а йоцуш, арахьа хила езаш ю. ЛадогІа Соьга, Якъубан тІаьхьенах дерш – Исраилан халкъах дийна мел диснарш. Ненан кийрара схьадевлчхьана дуьйна, Ас карахь лелийна ду шу. Со шун Дела ву, Ас шун гІайгІа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гІо а дийр ду, шу кІелхьар а дохур ду. Цара мел хьегначу баланашкахь, Цо а бала хьегна. Цуьнан уллорачу малико кІелхьарбаьхна уьш. Шен безамца а, къинхетамца а Цо паргІатбаьхна уьш. Цо, схьа а эцна, дерриге а ширачу заманашкахь лелийна уьш. Делахь а Аса-Айса Іамийнера эпраймхой когаш тІе дІахІитта. Сайн карахь лелабора Ас уьш. Амма шайна дарбанаш лелориг Со хилар къобалдан ца лаьара царна. Яьссачу арахь шовзткъа шарахь цаьргара дуьйлуш дерш собарца лайна Дала.
Второзаконие
Выбор основного перевода