Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Второзаконие
Параллельные места
Дела хьайца хила лаахь, соьга ла а догІий, хьайна цхьа хьехар дайта. Далла а, нахана а юкъахь леларг хила, нехан гІуллакхаш Деле дІа а хоуьйтуш. Нахана Делан парзаш а, Цо тІедехкинарш а Іамаде, цара дІакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гІуллакхаш а довзийта. Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь куьйгалхой хІиттабе. Уьш нахана тІехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гІуллакх хилахь, иза хьайна тІедаийта, ткъа кегий гІуллакхаш шайга къастадайта. ТІаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю. Ахь иза дахь, Дала хьуна иза тІе а диллахь, хьоьга иза лалур ду, берриг а нах, паргІатбевлла, шайн цІа а гІур бу». Шен стундега ла а доьгІна, цо бохург дира Мусас. Исраилхошна юкъара хьуьнаре нах а хаьржина, уьш хьаькамаш хІиттийра цо эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь. Уьш массо а хенахь халкъана кхел еш бара. Чолхе гІуллакх цара Мусана тІедахьара, ткъа кегийра гІуллакхаш шаьш къастадора. Дуккха а нахана тІаьхьа а хІоттий, вониг ма де. Кхел ечохь дукхахболчара дуьйцучо ахь до тоьшалла харцахьа ма дерзийта. Къечу стеган дов хоттучу хенахь цуьнгахьа а ма оза. Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хІунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бІарзбо, нийса болчеран гІуллакхаш хийцадолуьйту. Кхузахь хьекъалчеран дешнаш кхин а ду. Кхелахочо озабезам бар дика дац. Сан вежарий! Дала леррина къобалвинчу Іийсах, вайн сийлаллин Элах, а тешаш, озабезамца цхьаьнга ма хьажалаш. Нагахь хІораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха.
Второзаконие
Выбор основного перевода