Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Оqac*цу стага диканца шен хан а йоккхур ю, цуьнан тІаьхьенна латта а кхочур ду. хІунда аьлча догцІена берш лаьтта тІехь бехар бу, кхачаме берш цу тІехь буьсур бу, Цо Ша тесна царна кхаж, Цуьнан куьйго шен барамца декъна царна. Массо а хенахь цара дола дийр ду цу лаьттан, тІаьхьенашкара тІаьхьенашкахь цунна тІехь Іийр ду уьш. Ахь, гІо доьхуш, орца даьккхича, хьан цІуйн жІугано кІелхьарйоккхур юй те хьо? Уьш массо а мохо дІахьур бу, хІоно дІасабохур бу. Ткъа Сох тешначунна латта а кхочур ду, Сан беза лам цуьнан дола а бер бу». Дерриг а хьан халкъ, нийсонца а лелаш, абаденналц лаьттан дола деш хир ду. И халкъ Ас доьгІна синтар ду, Сан куьйгийн болх бу, Сан исбаьхьалла хьалаяккха кхоьллина ду.
Выбор основного перевода