Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара мостагІашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гІо дира. ХІагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хІума а оцу тІемалойн кара дахийтира, хІунда аьлча шаьш тІом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тІемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дІахезнера. Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Олхазарш, шайн кІорнеш ларъярхьама, бенашна тІехула леларе терра, массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалайм-гІала ларйийр ю. Цо и гІала, дІа а къевлина, кІелхьарйоккхур ю. Чекх а ваьлла, иза паргІатйоккхур ю Цо». Нагахь санна тхо цІийина йогучу пеша кхийсахь а, оха Іибадат деш волу Дела ницкъ болуш ву тхо цунах кІелхьардаха. Хьан куьйгах а, ва паччахь, кІелхьардохур ду Цо тхо. Паччахьна иза чІогІа хазахийтира. Ор чуьра Даниал хьалаваккхийтира цо. Даниална тІехь цхьа а тайпана хилла чов яцара, иза шен Делах тешаш хилла дела. Кипа меттавеача, цо элира: «ХІинца билггала хаьа суна, Дала, Шен малик а даийтина, ХІародан куьйгех а, жуьгташна луучу таІзарх а со кІелхьарваьккхинийла».
Выбор основного перевода