Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна, амма сихха цуьнан цІенна неІалт кхайкхийна ас. Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дІалаьцна уьш, тІедухучу духаро санна, къизалло дІахьулбина уьш. Хьажал Ливанун-ломара баганан дитт санна болчу Ашур-махке, шена тІехь хаза гаьннаш а долуш, ІиндагІ луш гІа а долуш болчу. Цуьнан бохь мархашна юкъахь бара. Хино и дитт кхиадора, бухарчу хиша иза лакхадаьккхира. Уллохула дІаоьхуш долу хин татолаш гонах долчу дитташна тІе дІаоьхура. Вукху диттел а лекха дара иза, шена тІехь деха гаьннаш а долуш, хІунда аьлча цунна тІедогІуш кхоччуш дукха хи дара. Стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннашна юкъахь шайн бенаш дора, лаьттарчу акхароша цуьнан гаьннашна кІел шайн кІорнеш йора. Дуьненара сийлахь къаьмнаш цуьнан ІиндагІехь дехаш дара. Лекха а долуш, хаза дара и дитт, шена тІехь деха гаьннаш а долуш, цуьнан орамаш а хих Іаьбна дара. Делан бешахь долу баганан дитт цуьнца дуста ца лора. Зоьзан дитташ цуьнан зуьгалгех тар ца лора, пхонан дитташ цуьнан гаьннашца нис ца лора. Делан бешахь долу цхьа а дитт цуьнан хазаллица дуста ца лора. Дуккха а гаьннаш а делла, Аса иза хаздинера, цундела Іеданера массо а дитташ, Делан бешахь долу массо а дитташ цунах хьоьгуш дара“». Цундела Хьалдолчу Эло иштта элира: «Хьо, стоммачу гаьннашна тІехула хьала а баьлла, иштта лакхабаларна а, хьо сийлахь хиларна хьан дог курадаларна а, Ас и дитт къаьмнийн баьччанан кара дІаделира, цуьнга, цо лелийначу харцонашка хьаьжжина, цунна хьакъ дерг дайтархьама. Ас Сайн бешара дІадаьккхина иза. Уггаре къизачу кхечу къаьмнаша иза, хада а дина, дІатесира. Цуьнан гаьннаш лаьмнаш тІе а, тогІеш тІе а охьаэгна. Кегдина долу цуьнан кегий гаьннаш массо а боьранашна чуэгнера, дерриг а къаьмнаш, иза ша долчохь а дитина, цуьнан ІиндагІера дІадаханера. Дамардарц хилла Іуьллучу цу дитта тІехь стигалара тайп-тайпана олхазарш дара, иштта цуьнан гаьннаш юкъахь лелаш хьуьнхара акхарой а яра. Иза дина, дика хи молуш долу цхьа а дитт, ша доккха хилча, кура ца далийта а, иза, шен лакхалла бахьана долуш, вукху диттийн гаьннашна юкъара хьала а даьлла, мархашна тІекхача ца гІертийта а. ХІунда аьлча, уьш массо а, кхидолу адамаш санна, Іожалле дІахьажийна бу, уьш а, вуьш адамаш санна, белла нах дІабохуьйтучу метте дІабохуьйтур бу».
Выбор основного перевода