Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду. Ахь, дІадаьлла гІан санна, дІахьо адамаш. Уьш Іуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Іуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргІал а юлий, якъало. Адамийн денош а, тІеяьлла йолу буц санна, доца ду. Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а. Схьаяккхале якъалуш йолу тхов тІера буц санна хуьлда уьш. Цу гІаланийн бахархой ницкъ а байна хилла, кхерамна бега а беш, царна тІе эхь деана. Арара буц я экам зІийдагаш санна бу уьш. Тхов тІехь хьалабаьлла бай санна бу уьш, кхиале берриг а марца а мерцина, малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.
Выбор основного перевода