Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан назма. qac Аqac*мал вон йолчарах Іеха ма лолахь, зуламаш лелочарах ма хьегалахь. qac Дqac*ералла а йиталахь, оьгІаз а ма эхалахь. Хьайх зулам даллийтал хьагІ йолуш ма хилалахь. Боккхачу тешамца ладоьгІура аса Везачу Эле, тІаккха соьгахьа схьавирзира Иза, ас доккху орца а дІахезира Цунна. Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу. Сан кІелхьарвалар Цуьнгара ду. Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем! Сан дегайовхо Иза бен яц. Іесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагІ хуьлура. Хьалдолчу Эло, Исраилан Везачу Дала, иштта боху халкъе: «Соьга, юха а дирзина, шу хьоьжуш делахь, кІелхьардевр ду шу. Шу собарца Сох тешахь, ницкъ хир бу шуьгахь». Амма шу реза ца хили иза дан. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу?
Выбор основного перевода