Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма шайн куьйгаш дІа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш. ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. qac Нqac*агахь Іесачо духалург даккхахь, иза юха дІа ца ло цо, ткъа Делан лаамехь волчо шен къинхетам хиларца дІало. qac Кqac*омаьршаллица ахча юхалург луш волчунна дика хир ду, ларамца хьанал гІуллакхаш лелош верг ирсе хир ву. qac Тqac*оам боллуш дІало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо. ХІуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица. хІунда аьлча Цо хьан кевнийн гІораш чІагІдо, хьуна чуьра хьан халкъ декъалдо. Хьайга хІума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе». Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама. Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагІий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тІаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хІунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца.
Выбор основного перевода