Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зуламаш дечеран гІуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дІасахьоькху чан санна ма бу. ХІунда аьлча зулам долуьйтурш хІаллакбийр бу, ткъа Везачу Эле сатийсар долчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду. qac Мqac*аргІалдоьлла аренан зезагаш санна, Іесанаш хІаллакьхир бу. Везачу Элан мостагІий, кІур санна, дІабовр бу. ХІунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза, Шен долахь берш Цо дІа а ца туьйсу. qac Тqac*ешаменаш абаденналц Іалашбийр бу, ткъа Іесачеран тІаьхье дІаэккхор ю. амма Іеса нах лаьтта тІера дІахадор бу, Далла тешаме боцурш орамашца цу тІера дІабохур бу.
Выбор основного перевода