Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийно жуьгташна серло а, даккхийдер а, сакъерадалар а, сий а деара. Везачу Элера ду кІелхьардовлар. Хьан халкъана тІехь хуьлийла Хьан декъалдар. ГІело йиначарна Веза Эла гІап санна а ву, баланаш тІехІиттинчу заманахь тІетовжа меттиг а ю. Дела – вайн дІалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гІоьнча а ву. Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела.
Выбор основного перевода