Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тІехь дехха дахар шун хилийтархьама. шайн Веза Дела везарца а, Цуьнан озе ладогІарца а, Цунах дІакхетарца а. Шу иштта лелахь, Везачу Дала шун дайшна, ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, лур ду аьлла чІагІо йинчу лаьтта тІехь шу а, шун тІаьхье а ехха Іийр ю». Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дІалачкъа меттиг. Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Декъала ву Хьох тешна Іаш верг! Массо а хенахь Везачу Элах тешна Іаш хила, веккъа Веза Эла гуттаренна а йолу тарх санна волу дела. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо.
Выбор основного перевода