Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. ГІело еш даьккхинчух тешна а ма Іе, шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де. Хьал алсамдуьйлуш делахь а, шайн дегнаш цунна дІа а ма ло. Къаьмнийн цІуйн догІа даийта ницкъ ма ца кхочу. Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догІа даийта. И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела! Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо, хІунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а. Кхин сайн тоха са ца хилча, суна дагавеана Хьо, Веза Эла, тІаккха Хьан Дезачу ЦІа чохь волчу Хьоьга дІакхаьчна сан доІанаш.
Выбор основного перевода