Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со кошана уллохь болчу нахаца дІанисвелла. Со гІора доцу стаг хилла дІахІоьттина. Со беллачу нахана юкъахь волуш санна ву, со вийна Іуьллу стаг санна ву, Хьуна дага а ца вогІуш, Ахь гІо дечуьра дІа а ваьлла. Дийна болчарна шаьш лийр дуй хаьа, ткъа веллачунна хІумма а ца хаьа. Беллачарна кхин ял хир яц, ткъа адамашна уьш бицлур бу. Муаби-махкарчу цІенойн хІора тхевнна тІехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хІунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегІа санна, хІаллакбина, – боху Везачу Эло. – Исраилан халкъ дІакхаьллина яа хІума санна дІахІоьттира. Кхечу къаьмнашна юкъахь иза пайденна йоцу пхьегІа санна хилира.
Выбор основного перевода