Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьоьга, Веза Эла, со ларвойту аса, юьхьІаьржачу ма хІуттийла со цкъа а. Хьо бакъ хиларна, кхерамах паргІатваккхахьа со. Хьайн лергаш соьгахьа дерзадай, кІелхьарваккхахьа со. Муьлххачу а хенахь сан дІалачкъа йиш йолу тарх санна хилахьа суна. Ахь дош делла со кІелхьарваккха, цундела Хьо сан чІагІо а, гІап а ю. Декъала ву зуламхойн хьехамашца лелаш воцу стаг, къинош летийна болчарна тІаьхьа ца хІуттуш верг, кхаьрдаш болчарах дІа ца кхетарг! Хьоьга кхойкхура цара – уьш кІелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьІаьржачу а ца хІуьттура. Веза Эла! Хьоьга кхайкхарна со юьхьІаьржачу ма хІуттийла. Ткъа Іесанаш, юьхьІаьржачу а хІиттина, эхартахь тийна дІасовцийла. Паччахьаш дай санна хир бу хьуна, паччахьийн зударий наной санна хир бу. Уьш хьуна хьалха охьатаьІар бу, цара хьан когашкара чан юур ю. ТІаккха хуур ду хьуна Со Веза Эла вуйла. Ас гІо даре сатуьйсуш верг дохковер вац».
Выбор основного перевода