Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан гергарнаш суна уллора Цо дІабаьхна, со вевзарш а сох къехка. Сан тайпанах берш суна уллора дІабевлла, со вевзаш хиллачара со вицвина. Сан доттагІий а, накъостий а сан даьІнех дІабирзи. Сан гергара берш берриге а суна генабевли. Цара шайн меттанашца шаьш хІаллакбийр бу. Уьш гуш мел волчо кхардамца кортош лестор ду. Ахь сан доттагІашка а со витийтина, царна хьалха маьттаза вина дІахІоттийна Ахьа со. Со чохь Іаш ву, аравала йиш а яц сан. Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера.
Выбор основного перевода