Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІунда ца доху Нуьцкъалчо кхел ен денош билгал? ХІунда ца го и денош Иза вевзачарна? Сан Веза Дела! Ахьа со ларвар лоьху ас. Массо а суна тІаьхьабевллачех кІелхьара а ваккхий, Ахьа паргІатваккхахьа со, Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а, сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш, Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама. Хьан бІаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале. Хьан тептар тІехь дІаяздина ду Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош, уьш цхьа а дола а далале. Ас олу Везачу Эле: «Хьо сан Дела ву! Веза Эла, дІахазахьа сан доІанаш!»
Выбор основного перевода