Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагІашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггІург. Адамаш охьатаІийна делахь, ахь эр ду: „Хьалаайина хила“, ткъа корта охьабахийтинарг Дала кІелхьарвоккхур ву. Эхартара сан са ара а даьккхина, со денвира Ахь, Веза Эла, коша чу со ца вижийтира. qac Мqac*а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш, хІунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хІуманан тоам хир бу. ГІаттахьа, дуьненан Кхелахо, курачарна бекхам бехьа. qac Шqac*а везаш берш Іалашбо Везачу Эло, ткъа харцо лелораш массо а хІаллакбо. Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хІоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду. Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода