Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гІел ма велла. Сан даьІахкашка зуз догІу, товехьа со. Кхин а мел ханна хир ду те Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла? Кхин а мел Іийр ву те Хьо соьгахьара дІавирзина, Веза Эла? Хьан дералла бахьанехь дийна меттиг а ца йисина сан дегІа тІехь. Сан даьІахкаш лозуш ю ас летийна къинош бахьанехь. Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таІзар до, цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дІадоккху. Билггал, хІора стаг хІо санна бен вац-кх! Марха кхабарна сан голашкахь са а дац, сан дегІ гІел а делла, со аз а велла.
Выбор основного перевода