Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Шийтта эзар стаг схьа а хаьржина, хьала а гІаьттина, со кху буьйсанна Даудана тІаьхьавер ву. Иза гІел а велла, цуьнан гІора дІадаьллачул тІаьхьа, со цунна тІелетар ву. Аса иза кхерор ву, ткъа цуьнца берш бевдда дІагІур бу. Аса паччахь бен вуьйр вац. Аса массо а адам хьуна тІедерзор ду. Ахьа лоьхуш долу и цхьа са делла дІадалар бахьана долуш, дерриг а халкъ шайна юкъахь машар а болуш Іийр ду». Абушаламна а, Исраилан массо а къаношна а и дешнаш чІогІа дезаделира. Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу». qac Хqac*ьажахьа Хьо, Веза Эла, Ахь хьанна и дина! Дезий те зударша шайн бераш даа, Шаьш дахар а делла, шаьш кхаьбна долу? Хьалдолчу Элан цІа чохь байъина хила безий те динан дай а, пайхамарш а? ШолгІачу Іуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Іийса вейта барт бира.
Выбор основного перевода