Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хуьлийла вайн Веза Дела вайца а, Ша вайн дайшца ма-хиллара, дІа ма воьрзийла Иза вайгахьара, ма дуьтийла Цо вай. Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кІелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна. Хьайн лай волчуьнгахьара Хьайн юьхь Ахь дІа ма ерзаехьа. Сихха дІахазахьа со, хІунда аьлча со гІайгІанехь ма ву. Сан сино Веза Эла декъалвойла! Сан даго Цо мел дина дика диц а ма дойла! Жоп лохьа суна хІинцца, Веза Эла! Сан са кхачош ду. Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа, коша чу боьлхучарах со тар ца валийта.
Выбор основного перевода