Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КІелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза. Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу. Сан кІелхьарвалар Цуьнгара ду. Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем! Сан дегайовхо Иза бен яц. Дела ву тхо кІелхьардоккхург, Цунах тхо тешна Іаш ду, тхо ца кхоьру цхьана а хІуманах, хІунда аьлча Веза Эла тхан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа оха илли олу, Цо тхо кІелхьардаьхна дела. Хьан малх цкъа а дІабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду. Со бахьана долуш воккха ма ве, сан мостагІа! Со охьавоьжнехь а, хьалагІоттур ву. Со боданехь велахь а, Веза Эла суна серло ю. Цундела вай майрра боху: «Веза Эла ву сан гІоьнча, со хІуманах а кхоьрур вац. ХІун дийр дара суна стага?»
Выбор основного перевода