Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхІува боху Сайн цІе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду». Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика, Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу. Хьоьга шаьш лардойтуш долчу массо а адамашна хьалха дІало Ахь иза! Со Хьоьга кхайкхира, Веза Эла, ас элира: «Сан чІагІонан меттиг а, дийначийн лаьтта тІера сан дакъа а Хьо ду». Ас аьллера: „Дийначийн лаьтта тІехь кхин гур вац суна Веза Эла. Дахар дІахедош долчу дуьнен тІехь кхин цкъа а адам гур дац суна. Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Іахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хІаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тІера иза дІаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цІе кхин ца яккхийта».
Выбор основного перевода