Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь, дІахазахьа со, сан бакъволу Дела. Хала киртиг тІехІоьттича, Ахь гІо дора суна, хІинца а хилахьа соьца дика, сан доІанна жоп лохьа. Мел Іан деза те сан бала хьоьгуш, хІора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош? Кхин мел хан ер ю те сан мостагІаша со хьийзош? Веза Эла, со дІа а хазий, къинхетам бехьа сох! Веза Эла! Хилахьа сан гІоьнча». Веза Эла, сан доІа дІахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бІаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Іехьа. ХІунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тІевеанарг а ву.
Выбор основного перевода