Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш. Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух. МостагІчун кара дІа ца велира со Ахьа. Сан когаш паргІатчу меттехь дІахІиттий Ахь. Везачу Эло лар а вийр ву, дийна а вуьтур ву иза. Ша лаьттахь йоккхучу хенахь иза декъала хир ву. Цуьнан мостагІийн лаамийн дола Ахьа дІа ма лохьа иза. Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара. Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна. ХІунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догІура. Хьалха санна оьгІазаллех кхехкаш вара Шаул, Іийсан мурдаш хІаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара.
Выбор основного перевода