Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чІагІлойла, Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чІагІлойла! ЧІогІа Везачу Эле са а тийса, Цуьнан новкъахула бен ма лела. ТІаьхьалонна латта хьуна а кхочуьйтуш, Цо хьан сий дийр ду. Ткъа Іесанаш дІа а лелхор бу, хьуна иза гур а ду. Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу. Сан кІелхьарвалар Цуьнгара ду. Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем! Сан дегайовхо Иза бен яц. Везачу Эле хьоьжуш ву со сан са Цуьнга хьоьжуш ду. Цуьнан дашах тешна ву со. Цу дийнахь эр ду: «ХІара ву вайн Дела! Цунах яра вайн дегайовхо, Цо вай кІелхьардехи! Иза Веза Эла ву. Цунах яра вайн дегайовхо, хазахетарца даккхийдер вай Цо кІелхьардахарна!» «Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара. Хьо хьайн деган куралло Іехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“
Выбор основного перевода