Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь, тІаккха Везачу Элан цІа чохь сайн тІейогІу хан чекхйоккхур ю ас. Веза Эла! Деза суна Хьо Іаш волу цІа а, Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а. Декъала ву Ахь хаьржинарг, Хьайн керташкахь Іайта Хьайна тІеозийнарг! Тхо Іаьбна хир ду Хьан цІийнан диканах, Хьо Іаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо. Ва массо а ницкъийн Веза Эла! Ма тайна ду-кх Хьо Іаш долу цІенош! Сан са цига кхача лууш ду. Везачу Элан цІийнан керташкахь хила сан са хьаьгна а ду. Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегІ а дийна волчу Деле кхойкхуш ду. Тхан Хьалдолчу Делан дика болх хуьлда тхуна. ГІуллакхаш тІехь тхан аьтто белахь, тхан гІуллакхаш а аьтто болуш хилийталахь. Важа йолу хан йисина Іаш яьккхинера цо. ХІинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цІийнан кертара дІа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доІанашца а гІуллакх деш яра.
Выбор основного перевода