Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Везачу Эло жоп делира: «Нанна дицлур дуй те шен декхаш долу бер, ша динчу берах къахета йицлур юй те иза? Нагахь нанна шен бер дицлахь а, Суна цкъа а йицлур яц хьо. Хьо-м тхан Да ву, ИбрахІимна тхо ца довзахь а, Исраилан халкъо тхо къобал ца дахь а. Хьо ву, Веза Эла, тхан Да, тоххара дуьйна а Хьан цІе «Тхан ПаргІатдохург» ю. Амма, Веза Эла, Хьо тхан Да ву. Тхо поппар бу, ткъа Хьо куьпчи ву – тхо массо а Ахь кхоьллина ду. Ткъа хІинца тІекхоччуш лаьтта, тІекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дІаса а даьржина, хІора а шайн-шайн цІа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела. Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХІара ас аьлла долу гІуллакхаш даим а де, хІунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кІелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгІуш берш а кІелхьарбохур бу.
Выбор основного перевода