Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Сан вежаршна хийра хета со, сан ненан кІенташна геннара хета со. БаІал ХІамунехь кемсийн беш яра Сулим-паччахьан. Беш лелочу нахе иза дІаелира паччахьо. ХІораммо цхьа эзар дато ахча дала дезара ша гулбинчу стоьмех. Сан кемсийн беш соьгахь сайгахь ю. Эзар ахча хьуна ду, Сулим, ткъа ши бІе – беш лелочарна. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Ткъа хІинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхІуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гІуллакх къастадейша. Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хІун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Іаш хилча, муьста кемсаш хІунда елла цо? Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тІаккха цу тІехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тІе догІа ма даийта аьлла». Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Дуккха а болчу Іуйша Сан кемсийн беш хІаллакйина, Сан долахь дерг когашца хьийшина. Сан хьоме латта цара яьсса аре йина дІахІоттийна. И латта цара доха ма дина, хІинца иза дакъийна а, дассийна а ду. Берриг мохк а яьсса аре ю, цунна дола дан стаг а вац. Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагІий схьабаьхкина, хІуманаш хІаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дІакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Іаш вац. «Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дІа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса. Иштта боху Везачу Эло: «Оцу дийнахь „сан майра“ эр ду ахь Сох, кхидІа „сан БаІал“ эр дац ахь Сох. «Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву. Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дІахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цІандо, алссам стоьмаш хилийта. Ас шуна хьехначу дашехула хІинца шу цІена ду. Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тІехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча. Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хІумма а далур дац. Милла а Соьца воцург кхоьссина дІа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТІаккха и гаьннаш, гулдина, цІерга кхуьссу. Уьш цІергахь догу. Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу. ХІинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода