Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна, цундела Дала къобалвина хьо, хьан Дала хьан накъосташна чул а хьуна алссам хазахетар делла. Дезачу хьакхарел цІе яккхийтар дикаха ду, Иштта дуьнен чу валаран дийнал адам даларан де дикаха ду. ТІаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Іийсан когаш тІе доьттира. Цул тІаьхьа шен коьртара месашца Іийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цІа хаза хьожа йогІучу даьттанан хьожанах дуьзира. Амма Далла баркаллаш бохийла вай! Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайна тІехь толам а баьккхина, муьлххачу хенахь а вай толаман тобанехь лоьлуьйту Цо. Дала леррина Къобалвинарг вовзаран хаза хьожа вайгахула массанхьа а дІасаяржайо Цо.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода