Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Эпраймана а, Бен-Яманна а, Маннашана а хьалха. Схьагайтахьа Хьайн ницкъ, тхо кІелхьардаха волахьа. Сан везарг сан ву, ткъа со цуьнан ю. Цо шен жа петІаматаш юккъехь дажадо. Бус-буса сайн меттахь а Іуьллуш, сайн дагна везначух а хьоьгуш, сайн хьомечух со мел хьоьгура, амма цкъа а иза кара ца вора. Хьала а гІаьттина, гІалин урамашкахула а, майданашкахула а дІагІур ю со. Сайн дагна везнарг лоьхур ву ас. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра. ГІалина гобоккхуш болу гІаролхой дуьхьалкхийтира суна: «Сан дагна везнарг-м ца гира шуна?» Амма со царна уллора дІа-ма-елли, сайн дагна везнарг карийра суна. Иза, схьа а лаьцна, сайн ненан цІа чу, со йинчу чоьнаш чу кхаччалц, дІа ца хийцира ас. Сан хьомениг, хьо сан бешахь Іаш ю. Сан накъостий хьоьжуш бу, хьан аз хазархьама. Суна а хазийтахьа иза. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. йийсаре дІабигна болчаьрга: „Арадовла!“ – ала а, боданехь болчаьрга: „Гучудовла!“ – ала а. УьстагІий санна, уьш некъийн йистошкахь бежаш хир бу, дерзинчу гунаш тІехь церан дежийлаш хир ю. Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хІунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дІабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тІе балор бу уьш. ТІаккха Цуьнан къомана Муса а, цуьнца болу нах а баьхна хьалхалера денош дагадаьхкира: «Мичахь ву Шен уьстагІий Іуйшца хІордах дехьадаьхнарг? Мичахь ву Мусана чу Шен Деза Са диллинарг? Аса уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тІаьхье стам а лур ю. Аса цунна тІехь дола дийр долу Іуй дІахІиттор бу. ТІаккха уьш, кхера а ца кхоьруш, къемат а доцуш, лелар бу, царах цхьа а вийна хир вац», – боху Везачу Эло. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Цо олалла дечу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Іийр ду. Цуьнан цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“. Иштта, тІекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чІагІо йийр йоцу. Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тІехь дехар ду». Аса дикачу бай тІехь Сайн уьстагІий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоІуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тІехь, уьш дежаш а лелар ду. Со-Со хир ву Сайн уьстагІий дажош а, цаьрга садоІуьйтуш а». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Іандара, цу сохьта шен ваша ШамІа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.) Цигахь Якъуба яьккхина гІу яра. Иштта, некъ а бина, кІад а велла, оцу гІуна уллохь хиъна Іаш вара Іийса. Иза де юккъе дахана хан яра.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода