Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Іаржделла сан чкъор охьадужу, дерриг а сан дегІ дагаро дІалаьцна. Паччахьна хьан хазалла езалур ю. Иза хьан олахо волу дела, хьо Цунна хьалха охьатаІалахь. Паччахьан нускал паччахьан цІа чу доьду. Ма хаза ду иза! Цуьнан духар дешица кечдина ду Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна, иштта къедархой санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а. Ярушалайман мехкарий, сейн а, аренан лунийн а цІарах дехар до шуьга: безам ма баккхийша сама, ма гІаттабайша иза, цунна лаъалц. Ломан чІожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хІунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа. ЦІен аса санна ду хьан балдаш, ма хаза ю ерриг а хьан бат. Кирхьанна тІехьа хьан беснеш наран аьхгаш санна хаза ю. Ярушалайман мехкарий, хІун эр ду аша, нагахь сан везарг шайна гахь? Ас чІагІо йойту шуьга, нагахь сан везарг шайна гахь, алийша цуьнга, со безамо гІелйина алий.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода