Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Ломан чІожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хІунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа. Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ду! Кирхьанна кІелара хьан бІаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу. ГалІад-лома тІера чуйогІучу гезарех тера ю хьан месаш. Тирца-гІала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, Ярушалайм санна, безаме ю, байракхашца долу эскар санна, инзаре ю.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода