Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Ма исбаьхьа ду хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ду! Кирхьанна кІелара хьан бІаьргаш, кхокхарчий санна, эсала бу. ГалІад-лома тІера чуйогІучу гезарех тера ю хьан месаш. Цуьнан бІаьргаш хина йистехь Іаш долчу кхокханех тера бу. Шури чохь луьйчуш ду и кхокхий, хин Іаьмнашна уллохь Іаш ду уьш. Тирца-гІала санна, исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, Ярушалайм санна, безаме ю, байракхашца долу эскар санна, инзаре ю. Ма исбаьхьа, ма безаме ю хьо, сан хьомениг, сел тамехь хиларца!
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода