Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Хаза хьожа йогІу деза даьтта а, сарап а, кассия а хьан ерриг а тІеюхучу бедаршна тІехь ю. Пийлан кІомсарех хаздинчу паччахьан цІеношна тІера мерз-пондарийн мукъамаша хьан самукъадоккху. Тир яьккхина духар тІехь а долуш, иза паччахьна хьалха юьгу. Нускална юххебовлу йоІарий а цунна тІе балабо. Самукъадаларца а, баккхийберца а паччахьан цІа чу бовлу уьш. Хьан духІийн хьожа а мерза ю. Хьан цІе дІасаІанийна хьакхар санна ю. Цундела веза хьо мехкаршна! Цо со той долчу цІа чу йигира, суна тІехула йолу цуьнан байракх – безам бу. Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дІа а хІоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам. Адамийн дикаллин тІийрагашца Аса уьш тІеийзабора, безаман машшашца Аса уьш лелабора. Церан вортана тІера дукъ хьалаойура Аса. Охьа а таьІна, уьш кхобура Аса. Цхьаннан а вогІийла дац Суна тІе, Со ваийтинчу Дас иза тІе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тІаьхьарчу дийнахь. Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тІаккха юха а веана, Со волчу дІадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама. Аса ца боху, оцу массо а хІумане со кхаьчна ваьлла, я со кхачам боллуш кхиъна. Мелхо а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас со дола ваьккхинчу Іалашоне кхача гІерташ ву со.
Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8
Выбор основного перевода