Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисарна таІзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неІарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цІий гур ду. Иза шун цІеношна уллохула тІехвер ву, Іожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. Цо элира: «Ярушалаймехула дІа а гІой, гІалахь мел лелош долу дегаза хІуманаш бахьана долуш гІайгІа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тІехь билгало е». Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кІен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагІар а талха ма де!» ТІаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухІар дара. Оцу малико лаьттана а, хІордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира: «Вайн Далла гІуллакх деш болчеран хьаьжнаш тІе мухІар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хІордашна, я дитташна». Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.
Выбор основного перевода