Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалара охьа ма воьжна хьо, Іуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тІе кхерам тийсинарг, гІаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цІа ца хецнарг?“ Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Іохкуш бу, хІора а шен къубба чохь Іуьллуш ву. Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Іоьттинчарна а, Іинан тІулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Іуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. Цу жинаша дехар дира Іийсага, шаьш бух боцучу Іинах ма кхийсахьара аьлла. КхоалгІачу малико а турба лекхира. ТІаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгІачу декъа тІе охьабуьйжира и седа. Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хІинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Іин чуьра хьала а даьлла, шен хІаллакьхиларна тІедогІур ду. ТІаккха, хІара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХІунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тІаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогІур ду. Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Іинан догІа а дара, стомма зІе а яра.
Выбор основного перевода